Курчалойн муниципальни к1оштан администрацин куьйгалхочун Ирасханов Асламбекан нохчийн метан денна лерина долу декъалдар

Курчалойн муниципальни к1оштан администрацин а, сайн а цIарах Нохчийн меттан денца даггара декъалво Нохчийн Республикан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, республикан берриге бахархой а.

Нохчийн меттан Дезде къастийна ду 2007-чу шарахь Нохчийн Республикан Президентан Кадыров Рамзанан Указца. ⠀
«Нохчийн къам дийна хиларан мокхазан чIагIо ю ненан мотт» – тӀулга тӀе яздина йоза санна, нохчийн иэсан тептар тӀе дӀаяздина ду Нохчийн Республикан Хьалхарчу Президентан Кадыров Ӏабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжин (Дала гӏазот къобалдойла цуьнан) дешнаш. ⠀
Вайн декхар ду ненан мотт Iалашбар а, тIекхуьучу т1аьхьенна кхоччуш ларбина и дIакховдор а, цуьнан ларам бан а. Везачу Дала тIаьхье беркате йойла вайн!

You may also like...